Оцу дегӀан дегӀехь гӀайгӀа а, ирсе хилар а зеделла ши хӀума бен дац. Иза ду са а, Дела а. Вайн хьекъал, бӀаьрг, мотт, лерг, хьаж, чкъор, и.дӀ.кх.а, адамашна гӀирс бу. Цунна дика а, вон а ца хуьлу. И меженаш дика а, вон а зеделларг синан гӀирс бу. БӀаьрг, хьаж, лерг, хьекъал, и.дӀ.кх.а санна болу гӀирсаш Ӏилма долуш бац. Са доцу хӀуманаш санна ду иза. Са доцчу хӀуманна дика а, вон а хаа йиш яц. ГӀум ирсе хуьлу ала ца деза, хӀунда аьлча гӀум дийна йоцу хӀума ю; дика а, вон а зен Ӏилма дац цуьнан. Цундела сан хьекъал ирсе ду ала ца деза вай. ХӀунда аьлча, хьекъал вайна гӀирс бу. ГӀирс хӀумма а зеделларг дац.
Адамаша дина цӀа, иза дина ду гӀум-аренах, цементах, и.дӀ.кх.а.. ЦӀенна хӀумма а ца зеделларг ду, хӀунда аьлча иза дийна доцу хӀума ду. ЦӀахь вехачу стагана дика а, вон а зеделларг хуьлу. Цундела Дала вайна чохь даха жима цӀа дина, цунах адаман дегӀ олу. Адамийн дегӀана хӀумма а зеделларг хила йиш яц. ДегӀана чуьра долчу синна зеделларг хила тарло цунах долу хазахетар а, гӀайгӀа а. Цундела вайна хаа деза, синна бен ца хилар, зеделларг хила йиш йолу Ӏилма. ГӀирсаш адаман дегӀехь бу, меженаш санна, адамашна гӀо дан. Цундела гӀирсашна хӀумма а зеделларг хила йиш яц. Вай делхачу хенахь бӀаьргашна хи догӀу, стакана ца догӀу.